" Бовза беза- нохчийн мотт"

23.04.2024
Тахана оханан беттан 23-чу дийнахь аса д1айаьхьира ловзаран цхьанакхетар. Иза нохчийн меттан денна лерина йу. Сан цхьанакхетар ц1е ишта йара: " Бовза беза- нохчийн мотт"! Сан 1алашо йара: Дешархойн нохчийн матте безам кхоллар а, иза ларбар а.Цу йукъа аса йалийра нохчийн меттан байташ, дуккха а кицанаш, х1етал-металш, г1иллакхе дешнаш. Берийн хаарш к1аргдеш, нохчийн матте болу безам алсам боккхуш, нохчийн меттан хазалла гойтуш д1айаьхьира цхьанакхетар. Х1оттийнарг йу Лаха-Неврера 4 йолчу йуккъерчу школан нохчийн меттан а , литературин а хьехархо Мусаева А.Р.