Викторина посвещенная ко дню Чеченского языка

24.04.2024
Оханан беттан 24-чу дийнахь Лаха-Неврера 4 йолчу ишколехь д1адаьхьира хьехархойн а, дешархойн а цхьаьнакхетар. Иза лерина а, доьзна а дара Нохчийн маттана, цуьнан сий деш, ларам беш, дешархойн безам т1ебахийта а. Нохчийн меттан де -25-де билгалдаьккхина вайн Нохчийн республикан куьйгалхочо Кадыров Р.А. Нохчийн меттан а,литературан а хьехархочо Бораева Т.К. цхьаьнакхетар д1адаьхьира "Ловзар-къийсам" ц1е а йолуш. Дешархоша шайн хаарш гайтира нохчийн фольклорах,литературах,грамматиках,къоман тидамех,г1иллакхех. Дешархоша йийшира байташ,далийра г1иллакхе дешнаш,х1етал-металш,дехкира 1аламах суьрташ. Хьехархочо ша х1оттийна 1алашо кхочушйира.Дала аьтто бойла массеран. Нохчийн меттан а, литературин а хьехархо Бораева Т.К.